Акция.
20.01.2015"Ченала хьекхарх бехлур дац деши,
Дайа г1ертарх довр дац долчун сий."
Дуьненан еа маь11ехь дазделла деана долу январь беттан 19ца де, цу дийнан лерамца, Делан Элчан (с.а.с.) сийдарех г1алахь паччахьо Ахьмад-Хьаьжин Рамзана бинчу гуламан акцехь дакъалецире Куршлойлара №3 йолчу хьукматан белхалоша.
Массарна санна, тхуна новкъа деана, халахетта цара и карикатураш яр, шайгахьницкъ боцу питана дар. Делахь къам довза х1оьттина бахьана ду. Цхьа дик дохьуш бен, вон дог1уш дац. Дела Элчан (с.а.с.) къинхетам мах ца хуучарна само еш, кхетам луш,цуьнан сийлалла юха цкъа а махкана а, халкъашна а довзийта, карладаккха х1оттийна бахьан ду.
Дала т1аьхье беркате йойла!