Нохчийн мотт

16.01.2021

Нохчийн мотт – иза деккъа йоза-дешар хилла ца Iа.Ненан мотт-и гIиллакх ду, культура ю, тезет лелор, зуда ялорйигар ду, илли, литература, ловзар-синкъерам бу, халкъан юьхь, куьзга, хатI-амал ю.И мотт вайн ца хилахь, орам боцчу диттах тарлур ду вайн къам, я пачхьалкхе а хир яц.Ненан маттал деза хIума стеган дахарехь хуьлийла дац.Иза Iамор а, цунна богIуш болу тидам тIебахийтар а – иза вайн нохчийн коьрта декхар ду.Дала т1аьхье беркате йойла!