Неделя Чеченского языка
20.04.2019Неделя Чеченского языка
Оханан беттан 25-г1а де, "25-г1а апрель Нохчийн меттан Де" хилар билгалдоккхуш, цу денна лерина цхьанакхетарш, "Нохчийн мотт-къоман куьзга" мероприяти д1аяььхьира Куршлойлара лоьмар 3 йолчу хьукматехь, Нохчийн меттан Ассоциацин декъашхо, нохчийн меттан хьехархо йолчу Умаева Зарета. Дешархойн шайн матте болу лерам совбоккхуш, дуьнене хьежам шорбеш, 1илман к1оргене кховда ойла кхоллайолуьйтуш, доккха совг1ат хилла схьадог1у вайна и де билгалдаккхар.
К1иранна лерина болх берзош, жам1 деш, самукъане "Исбаьхьаллин дакъа"(стих йийцар, эшар лакхар, ораман бухера эцначу масаллин сценка х1оттор, хелхар дар) дара цу декьа юкъа дог1уш.
Жам1 деш билгалъяьхна меттигаш яра:
1-ра меттигаш - 5 а, 6 в, 7 б, 8 б классаш
2-г1а меттигаш - 5 б, 6 а, 7 а,
3 - г1а меттигаш: 5 г, 6 б, 7 в, классаш